Керри - БагIдадехь


БагIдадехь Иракъан премьер-министрца ал-Малики Нурица цхьанакхийтира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретар Керри Джон. Iалашо яра Иракъера тIман хьал дийцаредар а, оьшу гIодан зер а. Шина сохьтехь хиллачу дийцаршкахь Керри Джона бохура Iамеркана гIодан лаьа массо иракъахой реза хинболу Iедал кхуллуш.

Суннатойн гIаттамхоша ах мохк дIалаьцначу Иракъан Iедал доккхачу декъанна шиIатех хIоттаделла ду, цундела суннатошна шаьш эшамехь хета. Премьеран Маликин пресс-секретара хаам бина, оршотдийнахь суннатошца хиллачу тIемашкахь Иракъан бIеннаш эскархой кхелхина, аьлла.