Дагестанехь 17 хан тоьхна нохчочунна


15 шо хьалха Дагестанехь хиллачу гIаттаман декъашхо ву аьлла 17 шо хан а тоьхна набахте кхачийна нохчо Бациев Ислам. Иза Нохчийчохь шолгIа тIом эккхале Дагестане тIеман рейд йинчу Басаев Шемалан а, Хаттабан-Амиран а дакъошкахь хилла ву, аьлла, сацам бина Дагестанан Лакхарчу кхело а.