Нохчийчохь юха а мохк бегийна

3, 6 бал Рихтеран барамехь мохк бегийна Нохчийчуьрчу Невран кIоштахь, уггаре хаалуш меттиг Калиновски-юьрт а йолуш. Зе ца хилла. Оцул а, цул кIеззиг алсам а ницкъ болу мохкбегор шозза нисделла махкахь кху беттан юьххьехь а.