Путина цхьаъ дуьйцу, кхин - до

Украинан президента Оьрсийчоьне дIахьедина, ша шен махкахь машар бархьама кхайкхийна некъ, дашца бина ца Iаш, гIуллакхца а къобалбан еза, аьлла. Еарийдийнахь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблеяхь къамел деш цо бохура, Оьрсийчоь хьалха а санна, дуьйцуш цхьаъ а долуш, зуламашна гIортор еш схьайогIу.

Еарий дийнахь Вашингтонерчу пачхьалкхан секретара Керри Джона а элира, Оьрсийчоьно гайта деза Украинехь кхайкхийначу герзаш деттар совцорна тIетовш а, цигахь тIемашкахь болчу оьрсийн сепаратисташна тIеIаткъам беш а хила еза Москох.

Оцу юкъанна Германин канцлера Меркел Ангелин къамел хилла телефонехула Путин Владимирца. Цара шаьш Украинера хьал дийцаре деш, Порошенкос машаран кIира кхин дIадахдан деза бохура.