ГIаттамхо вийна ГIалгIайчохь

Шайн махкахь цхьа тIемало вийна шаьш, хаам бина ГIалгIайчоьхь къепелатточу урхаллаша. Нохчийчоьнан дозанна гергахь, Таршхойн лаьмнашкахь, хилла тIематасадалар. Вийнарг цкъачунна вевзаш вац. Маса-топ а, патармаш а карийна цуьнгахь, оццу хьосташана дийцарехь. Шоьтан буса хилла иза.