ОвхIанхой бертабалон вахана Керри

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь Керри Джон Кабулехь вара п1ераскандийнахь, овхIанхошлахь президентан харжамийн жамI деш даьлла дов листа вахана. Юьхьанца мехкан президентца Карзай Хьамидца къамел а дина, иза цхьанакхийтира къийсалучу шина кандидатца Iабдулла Iабдуллица а, ГIани Ашрафца а.

Юьхьанца, 56 процент кхаьжнаш а бохуш, ГIани тоьлла аьлла кхайкхийра, амма Iабдуллас харцонашца вовшахтоьхна терахь ду иза боху. Керрига ГIанис элира, ша теша харжамийн комиссин балхах, ткъа Iабдуллин цIарх цуьнца вице-президенталле воьдучу Мохьаммед Мохьаммада бохура, нагахь санна къовсам боьрзуш бацахь, шарна коалицин Iедал а хIоттийна, цул тIаьхьа юхабан а мега аьлла хета шайна президентан харжамаш.