Iамеркин спутнико даьхначу сурташа гойтуш ду Украинин эскаршна Оьрсийчоьнан территори тIера тохарш деш хилар

Къоман Кхерамазаллин сервисан директоран хаам: Кхузахь гуш ю Оьрсийчоьнан территори тIехь, Украинина тIе а ерзийна, лаьтташ йолу шаьш лела яккхийн тоьпаш. Украинин эскаран позицешна уллехь гуш ю яккхийн тоьпийн хIоанаш, я ракеташ лилхина меттигаш. 

 

Къоман Кхерамазаллин сервисан директоран хаам:  Кхузахь уллера гуш меттигаш ю яккхийн тоьпаш йеттале а, йиттинчул тIаьхь а.

Къоман Кхерамазаллин сервисан директоран хаам: Кхузахь гуш ю Оьрсийчоьнан территори тIера Украинин эскаран дакъа долчу агIор ракеташ хецна ши меттиг. Гуш ю ракетийн системаша тохарш дина меттигаш. 
 

Къоман Кхерамазаллин сервисан директоран хаам: Кху сурт тIехь а гуш ю Оьрсийчоьнан территори тIера Украинин эскаран дакъа долчу агIор ракетийн системаша тохарш дина меттигаш.