ТIом юхаболийна Израило

Мисаро юкъарло а деш, ханна сацийна хилла тIом юхаболош 20 сов авиатохар дина Палестинана Израило, ткъа Газерчу тIемалоша массех ракета хецна Израилан агIор.Палестинахой[ вийна, цигарчу тешаша бахарехь, 5 стаг, 30 лазийна шоьтан дийнахь.

Ткъа барт хила гена ду агIонашна юкъахь, тергамхоша дийцарехь. Боьдучу тIамо вийна 1880 палестинахо. Тел-Авиво хаам барехь израилхойх вийна 64 стаг.