Курдойн хьаькам юхавеъна БагIдаде

Иракъан арахьарчу гIуллакхийн министр-курдо Зибари ХIошъяр шен дарже юхавеъна. Массех кIира хьалха ал-Малики Нури коьтехь волчу Iедало курдошца харцонаш лелайо аьлла, даржех мукъабевллачу БагIдадерчу хьаькамех-курдойх дIакхетта вара иза. «Маликис ша дарж дуьту аларна юхавеъна со БагIдаде», бохура Зибарис, хаам бо Рейтерс-агенталло. Шайн премьерна иза оьгIазвахаран бахьана дара ал-Маликис гIаттамхошна гIодо аьлла, курдошна тIе бехк хьарчор.