Дагестанехь юха а - контртеррор

Дагестанерчу Губден-юьртахь контр-терроран барамаш дIахьош дара Iедал кхаарийдийнахь. Цуьнан бахьана ду цхьа сахьташ хьалха полицин бевзаш бочу герзахошца тIематасадалар эккхар. Меттигерчу бахархоша тоьшалла до Губденера а, луларчу Гурбуки-юьртара а хезаш герзаш дара бохуш.