Путина хьехийна Оьсрийчоьнан историн керла книшка кийча яц

Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министралло йитина школашкахь историн цхьа книшка юкъаяккха шен хилла ойла. Цунах лаьцна Москох зорбанан конференцехь хаам бина цу министраллан куьйгалхочо Ливанов Дмитрийс. Цо дийцарехь, ерриг а историн книшкаш чекхйохур ю лерринчу экспертизех.

2013-чу шарахь Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар динера, Оьрсийчоьнан историн цхьааллин дешаран книшкаш кечъян еза аьлла. Цу книшкаш тIехь хила езаш яцара цхьа а шалхонаш. Цу тайпачу текстийн хьалхара варианташ кечйина хила езаш яра кху шеран гуьйранна.