Iедалан ницкъашна тIелатар дина ОвхIанистанехь

Лаххара а 6 стаг вийна, 45 стаг чевнаш йина ву ОвхIанистанехь Джелалабадерчу талламан сервисан штаб-хIусаманна тIелатар дар бахьана долуш. Цигахь хиллачу тасадаларехь вийна тIелатар дина 5 стаг а. Меттигерчу Iедалша бинчу хаамца, тIемалоша, чохь бомбанаш йолу ши машен а эккхийтина, герзаш диттина Iедалан белхахошна. Иза динарш шаьш ду аьлла дIахьедар дина тIалибаша.

ОвхIанистанехь политикан кризис ю президентан харжамаш дIабирзинчул тIаьхьа кхаьжнаш дагардан аьтто ца баларца йоьзна. И бахьана долуш Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташца кхерамазаллин пакт тIеэца аьтто ца болу, цу пачхьалкхехь цхьаболу Iамеркин эскархой бита аьтто луш йолу. ХIара шо чекхдолуш кхечу пачхьалкхашкара эскархой арабовла безаш бу ОвхIанистанера.