Москох Путинна дуьхьал акце араваьлла стаг лаьцна полицино

Москох Манежная майданехь полицино лаьцна «Халкъ! Фашист Путин сацон хан тIекхаьчна!» аьлла тIе яздина плакат лаьцна лаьтташ хилла пикетчик. «ОВД-Инфо» олучу бакъонашларъярхойн портало бинчу хаамца, цуьнан цIе ю Юркин Юрий. И стаг дIавигина полицин декъе.

Кху-беттан 28-чу дийнахь низамашлардон органийн белхахоша, 15 де хан а тоьхна, чувоьллина юкъараллан жигархо Монахов Дмитрий. Иза а ваьллера Манежная майдане, тIаманна дуьхьал плакат а эцна.