ОвхIанистанерчу хьоло сагатдойту

ОвхIанистанехь президент къасторна дуьхьало яр а дуьтуш, барт кароре кхокху Атлантикан тIеман альянсан Инарла секретара Расмуссен Андерса вовшашца къийсалуш схьавогIу ши кандидат Iабдулла Iабдулла а, Ашраф ГIани а. Кхушара Iамеркан эскарш ОвхIанистанера арадоху хьелаш кечдеш, кхерамзаллах болу барт бу Кабуло а, Вашингтоно а тIечIагIбан безаш. И барт хилла баларе сатуьйсу дуьнено, элира Рассмуссена Уэльсерчу НАТО-н саммитехь.

Байначу беттан 2-чу дийнахь дуьйна, къаста а велла, тажтиллина хила везаш вара ОвхIанистанан керла президент. Амма ца нисделла иза.