ГIебарта-Балкхройчоьнна куьйгалхо ву къастош

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ГIебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочун дарже кховдийна кхо кандидатура: ханна оцу даржехь волу Коков Юрий, мехкан Iедалан ден гIовс Марьяш Ирина, мехкан экономикакхиоран министр Мусуков Iела. ГIебарта-Балкхаройчоьнан парламенто оцу кхааннах шен харжам бийр бу тIебогIучу беттан 9-чу дийнахь.