Хьаькамийн хьарма - Хоси-Юьрт

Шен гонехь рогIера хийцамаш бина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. Гуьмсан кIоштан администрацин коьрте хIоттийна 36 шо долу хосиюьртахо Хизриев Заур. Хьалха ницкъаллин урхаллехь а, Iедалан гонашкахь а болх бина ву иза.

Хизриевгахь хиллачу Соьлж-ГIалин депутатийн кхеташонан куьйгалхочун дарж делла «Ламан Аз» цIе йолчу юкъараллан лидере Динаев Iадлане.