Марсан орбите кхаьчна Iамеркин спутник

Iамерко 10 бутт хьалха Марсана тIеяхийтина Iилманан спутник дIакхаьчна цуьнан орбите. NASA олучу Iамеркин космосан агенталло бинчу хаамца, гергарчу цхьана баттахь ах баттахь говзанчаш дIанисйир ю цу спутникан орбита, ткъа иштта зуьр ю цуьнан прибораш.

Цул тIаьхьа цу аппарато толлур ю Марсан атмосфера. Iилманчашна хетарехь, Марсан климат цхьана хенахь йоьвха а, тIуьна а хилла. Ткъа хIинца иза шийла а, екъа а ю Малхан мохо Марсан хIаваъ космосе дIаозор бахьана долуш.