ТIеман дараш лах ца ло Къилбаседа Кавказехь

Дахначу кIиранах лаххара а ши стаг вийна, цхьанна чов йина тIеман хьелашкахь Къилбаседа Кавказехь. Беллачаралахь ву Iедало тIемалойх лоруш волу цхьаъ стаг а, цхьа маьрша вахархо а. Ший а Дагестанера ву. ХIинжа-ГIалахь, ша сацийча, кисинара граната йоккхуш вара, аьлла, вийна низамхоша Гаджирамазанов Iалил.

Цул совнаха массех контртеррор олу барам а лаьттина Дагестанерчу Гумбетан а, Казбекан а кIошташкахь. Ткъа Шемалан кIоштахь вийна маьждиг деш хилла Телетлера вахархо Бадавиев Шемал. Иза веран бахьана дузу цо салафийа мазхьаб кест-кеста аьнашдеш хилла хиларца.