Нохчийн Машаран Марш

Шинарийдийнахь нохчаша Полшера дIайолийна Машаран марш кхаьчна кхаарийдийнахь Литува а, Латве а. Машаркхайкхорхойн автобус шина кIиранах чекхъер ю Европан мехкийн дукхахйолчу коьрта шахьаршкахула. Оьрсийчоьно дуьнентIерачу машарна бохьу кхерам а буьйцуш, цо нохчийн къомана тIехь латточу къизаллах жоп дехар а кхайкхош, чекхбовлуш бу нохчийн жигархой Европехула. Автобус кхач-кхачначу мехкашкахь лаьтта бухарчу нохчийн диаспорийн гуламаш.