Шема вахарна - набахти

Соьлж-ГIалин вахархочунна Керимов Рустамна кхо шо хан тоьхна набахтехь яьккха Соьлж-ГIаларчу "Заводской" олучу къоштан кхело, иза Шемарчу тIамехь дакъалацарна бехкевеш. Низамхоша чIагIдо, Керимов стохка Туркойчу а вахана, цигара Шема а кхаьчна, тIом а бина, ткъа лазор бахьана долуш юха цIа а веана, бохуш.