Нохчийн литература муха Iамо догIу берашна?

Тахана а, 20-40 шо хьалха санна, цхьа яздархой, церан хIетахьлерра жайнеш Iамош хIоттийна ю школашкахь нохчийн литературан программа. Иза хийца еза, карлаяккха догIу аьлла хета цхьаболучарна. Нохчийн литература нохчашна хьашт хуьлу некъаш а болуш бу лехчхьана, боху цара...

Хьехархоша а, яздархоша а Нохчийчохь кху тIаьхьарчу шерашкахь дийца даьккхина ду школашкахь литература хьехаран программаш ширьелла дукха хан хилар а, царна юкъара нисса ах бохург санна исбаьхьаллин ирташ дIа а яьхна, керланиш юкъаяьхча, дешархой кхетош-кхиорехь кхиамаш алсам хилахь бен эшам хир бацара бохург.

Лахара классаш ца йийцича а? боху цхьаболчу хьехархоша, бераш Iаморехь толахь бен, халонга дер долуш хIума а доцуш, хаъал дацдан мегар долуш ду 9-чу классехь нохчийн литературехь дуьххьара гIулчаш яьхначарна къастийна сахьташ а, 10-чу классехь, масала, Арсанов С-Б а, Мамакаев М. а кхоллараллина билгалдаьхнарш а.

Мохьмад Мамакаев

Хьакъдоцуш дукха хан къастийна лору хьехархоша 10-чу классехь Исаева Мареман «Ирсан орам» роман йовзарна а. Галдала хIума а доцуш, юкъарьяккха тарлуш ду бах хьехархоша 11-чу классехь Iамош йолу Сулаевна кхолларалла а.

Хьехархой боцуш, ишколан программаш хаза нехан санна карлаяха еза аьлла

кIорггера хьажам болчех ву, нохчийн исбаьхьаллин литературан дийцарехь а доцуш, чуьра евзаш волу, байтанча-публицист Цуруев Шарип. Цо хадам боллуш чIагIдо ишколашкахь литература Iаморехь хийцамаш бан богIу хан тоххара тIехъяьлла бохуш.

Цуруев: « Ахматова Раисинарг, Саракаев Хьамзатниг хIун кхолларалла ю? Тахна а уьш юкъа а етташ Iаш бу уьшша-м. И программаш хIитточийн шайн а мА дац хаарийн тIегIа.»

Маршо Радио: ТIаккха и саннарг программаш юкъахь дуккха а карор ю бах ахь?

Исаева Марем

Цуруев: «Карор ю. дера карор. Ишколан учебникаш хIитто цхьана стеган бакъо яц аьлла хета суна. И болх, Iилма а,кхетам а болчу говзанчийн тобано бан беза. Цара къасто еза произведенаш. Исбаьхьалла хила еза уггар хьалха тидаме оьцург, бер кхетош-кхиорна тIехьажийна. Ас хьалха а.тIаьхьа а баьхна. Дудаев Iабдис, Нажаев Ахьмада цара шайн заманчохь нохчийн литература кхиорехь къахьегна, тайп-тайпана кепаш карорехь.

Амма цаьрца эстетика яц, цхьаллиг цхьа исбаьхьаллин хазалла яц…кхетош –кхиорехь юххехула а цара деш хIума дац зедар доцург. Цундела цу заманахьлера литература обзор маьIнехь сохьташ а дитна, вуьйш юкъара дIаяха еза. Нохчийн литературехь дика къахьоьгуш нах мА, тахана хилла ца Iаш, бу I960 –чу шерашкахь дуьйна. Мамакаев Мохьмад хуьлийла изу, я Гадаев Мохьмад-Салахь хуьлда – милла велахь а ледара произведенеш юкъара дIаяха ма еза…»

Ишколан программаш юкъахь дешархойн, хьехархойн кхетам.дог хьадеш доцу ирташ тIех дукха ю аьлла хьажам болчех ву байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн а. Ишколан прграммаш юкъара дIабаха беза яздархой дукха бу аьлла хета хьуна бозхучу хаттарна тIера долалла тхойшиннан къамел.

Iабди Дудаев

Хатаев: « ДIабаха безарш вуно дукха бу. Ас сайга хаьттича церан ирташна чIогIа зераш дийр дара мегаш ерш билгалйохуш. Дукхахболчара цхьа барам ларбеш бац масала Мамакаев М. «Iожалла» байт. ХIун маьIна долуш юкъаяхийтина иза. Байт мА яц иза. Суна ца хаьа и хIун ю ала а. Цуьнан «Даймехкан косташ» мехала ю. Иза хаза екаш а ю, цо барам а ларбина. ХIокхара воккха вара олий классик а вой, программа юкъавохуьйту. Классика мА яц иза. Талла а теллина хIума дан ма деза леррина тоба а кхоьллина.»

Маршо Радио: ХIинца шуьйрра зераш а дина цхьайолу ирташ дIаяьхча церан меттан юкъа хIун яхийта еза хьуна гергахь?

Хатаев: « Тахана язьеш берш дуккха а бу мехала хIумнаш а йолуш. Хьо гульян воьлча вовшах мА кхета. Шарипа а нийса мА боху Бадуев СаьIида а мА яц массо хIума а дика. Цхьа гIайгIа, цхьа сингаттам балхош йолу, цхьана авторан хIума масийтта программа юкъаяхийта хIун хьашто ю? Нохчийн мотт дика балхош, карчош йолу хIумнаш яхийтахь юкъа. Соьга дика дийцар, роман ешало оьрсийн маттахь. Нохчийн маттахь, ас стенна йоьшуш ю гомха, со хьавеш йоцу хIумнаш. Соьга ешархьама мА ешийтахь ирташ…»

Маршо Радио: Цуруев Шарипа а. хьан а, кхечеран а ю литературах ишта ойланаш. Шу агIончаш дукха буй те?

Хатаев: « Суна-м хета дукха бу аьлла. Массарна а хууш ду –интеллектуалан агIор тхан литература чIогIа ледара ю. Тхан чохь доьшуш оха философи Iамийна хиларрий, кхечу пачхьалкхийн, къамнийн литература евзина хиларрий гуш дац цхьанхьа оха уьш Iамийна хилар. Балош болу турпалхой, гойтуш долу васташ беркъа ду-кх. Цера-м дац дийца а. ала а аьлла хетало-кх дешархочунн. И стенна нисло ишта? Дера нисло и яздеш берш шаьш беркъий.миский хиларна, церан ойла къовзийна хиларна…»

СаIид Бадуев

Цхьа могIа яздархошна а,хьехархошна а хетарг хьесапе диллича гучу мА даллара, дешархойн нохчийн исбаьхьаллин литературе болу хьажам буххера дуьйна хийца ондда белхан дан догIу уггар хьалха дешаран а.Iилманан а министаралло. Бакъду яздархой хIуьттуш бац ала цу урхалло цу декъехь кесталгIа хийцамаш дIаболур бу аьлла.