Коалицин тохарша цхьана ханна совцийна Шемара Кобани яккха гIерта тIемалой

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Организацин Шемахула волчу векало де Мистура Стаффана дIахьедар дина, "Исламан пачхьалкх" тобане Шемара Кобани гIала дIацалацийта дуьненаюкъаралло дерриг а дан деза аьлла. Дипломато дийцарехь, нагахь Кобани йожахь, кхерам бу цигахь алссам бахархой байарна. Де Мистура дийцарехь, цул совнаха иза кхераме ду луларчу Туркойчоьнна а. Цунна хетарехь, хьем а ца беш, и нах совцо беза дуьненаюкъаралло.

Цу хеннахь Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла дечу коалицино уггаре а онда тохарш дина Кобанина тIелетарш дечу "Исламан пачхьалкхан" тобанашна. Цигарчу бахархоша дийцарехь, и тохарш шайн Iалашоне кхаьчна. БИ БИ Си-н корреспонденташ бечу хаамашца, Исламан пачхьалкхан тIемалойн тIелатар сецна. Амма Кобанина гонах тIемаш дIадоьлхуш ду.