Эстемирова Наташас агIо а лаьцна...

Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело 10 эзар сом дала кхачийна яхархочунна Макаева Айманина цуьнан воI Зайналов Апти лачкъор ма-доггIу ца талларна. Европан кхело бинчу сацаман лар ю иза.

2009-чу шарахь Iедалан ницкъаша воI вигар харц теллина аьлла бара Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь Макаевана 60 эзар евро дала декхаре а еш бина сацам. И дов Европан кхеле дала кечдинера ша елле евзаш йолчу бакъоларъярхочо Эстемирова Наташас.