Китайн а, ОвхIанистанан а гергарлонаш

Шинарийдийнахь Китай официалан визитца вахана ОвхIанистанан керла президент ГIани Ашраф. Пекинехь цо а, Китайн куьйгалхоша а куьйгаш яздина бертан кехаташна буха. ГIанис а, Китайн куьйгалхочо Си Цзиньпина а дIахьедина, шаьш шина пачхьалкхан юкъаметтигашкахь керла, гергарлонийн мур схьабоьллу, аьлла.

Китай ОвхIанистанан коьрта инвестор ю, цо цигара мехкдаьтта, минералаш, ез доккхуче хьажадо шарахь 1 триллион доллар ахча.

76 чаккхарма юкъара доза ду ВахIанан Iинехула ОвхIанистанний, Китайнний.

ГIани Ашраф ша бутт хьалха дарж караэцча дуьххьара дозанал араволуш вахара СаIуда Iаьрбийн махка хьаьждан. Хьалхарчех ю цуьнан Пекинера визит.