46 политикан тутмакх ву Оьрсийчохь

46 стаг политикан тутмакх ву Оьрсийчохь, адамийн бакъонашкахула йолчу «Мемориал» юкъаралло бахарехь. Царалахь бу дуккха а кавказхой. Масала, Нохчийчуьра - Кутаев Руслан, Хамиев Лорс, Дагестанера – Багавудинова Зарема, Краснодар-махкара эколог Витишко Евгений, ГIебарта-Балкхаройчуьра Кудаев Расул.