Шайн эскархой Иракъе хьажор къобулдина Обамас

ТIамца доьзна доцу гIуллакхаш кхочуш дан 1500 Iамеркин эскархо Иракъе хьажор къобулдина Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака. Къайчу ЦIенон пресс-секретаро Эрнест Джоша динчу дIахьедарца, Iамеркин эскарша Iама а бийр бу, хьехарш а дийр ду, накъосталла а дийр ду Иракъан кхерамазаллин ницкъашна.
Цул сов цара Iамор бу «Исламан пачхьалкх» тобанца тIемаш деш болу курдойн тIемалой. Iамеркин керла эскархой дIатарбийр бу хIинцале а Цхьанатоьхначу Штатаийн эскарш долчу БагIдадехь а, Эрбилехь а. Иракъехь а, Шемахь а болчу тIемалошца къийсам дIабахьа КIайчу ЦIено 5 миллиард 600 миллион доллар ахча дехна Конгрессе.