Серб Шешель набахтера ханна дIахецна ХIаагерчу трибунало

Сербера ультранационалист, цигахь тIемаш боьлхучу шерашкахь зуламаш дарна, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин сацамца кхел яллалц набахтехь кхобуш хилла Шешель Воислав Белграде цIавахийтина цуьнан могашалла галъяларца доьзна. Кхаарийдийнахь Амстердамера кхаьчначу кеманна дуьхьалбаханера бIеннаш Шешелан агIончаш. Иза арахецна ХIаагерчу трибунало, цунна Белградехь дарба лелон аьтто беш.

Шешелна доьхку ша ницкъбинчу а, тоьшаллехь хиллачу а нахаца къамелашка вийла. Трибунало тIекхайкхинчу хенахь декхаре ву ХIааге юхаваха а. Серберчу лоьраша тоьшалла до, 60 шо долчу Шешелна рак-цамгар кхетта бохуш. 2003-чу шарахь лаьцна иза ткъеха шо хьалха лаьттинчу тIемашкахь цо адмаллина дуьхаьл зуламаш дарна. Кхел хила еза Шешелна тIехь кестта.