ТIематасадаларш хилла Украинехь

Украинан эскарийн а, Донбассерчу сепаратистийн а векалша хаамбо шайна хиллачу керлачу дарех лаьцна. Пачхьалкхан ницкъех тIаьххьарчу дийнахь-буса вийна 4, лазийна 18 салти. Донецкан Халкъан Республика олучу агIоно бахарехь, сепаратистех велла стагга а вац, кхоъ – лазийна.

ТIематасадаларш лилхина ницкъийн къовсамехь йолчу Донецкерчу аэропортехь а, Луганскан дозанехь лаьттачу Дебальцево юьртана гергахь а. Оцу юкъанна дуьйцу Украинан а, Малхбузенан а хьостанаша, Донбассе Оьрсийчуьра дIаоьху тIеман машенаш а, деза герзаш а, бохуш.