ОвхIанистано барт лоьху Пакистанца

Пакистанца шен пачхьалкхана кхерамзалла чIагIъеш бартбан лаьа, элира ОвхIанистанан президента ГIани Ашрафа пIераскандийнахь Пакистанан инарлашца а, кхечу векалшца а церан махкахь цхьаьнакхеттачохь. Шина пачхьалкхан доза лардечу эскаршна вовшашкара корматалла дIасакховдо а мегар дара, бохура ГIанис.

Ши бутт хьалха президентан дарж караэцна волу ГIани дуьххьара вахана шен махкаца бартъэгIна ехачу Исламабаде. Цигахь цуьнан бартхилла юкъара йохк-эцар шина шерачохь 5 миллиард долларе хьалакхачон. ГIанел хьалха президент лаьттинчу Карзай Хьамида дуккхаза а бехкейира шен заманахь Пакистан, цигара бу ОвхIанистанна тIелета ницкъаш, бохуш.