Украинахойн "вышиванка" лелайо нохчийн боксеро

Доккхачу декъанна цкъачунна политикехь билгалваьлла кхин а цхьа нохчийн спортхо – боксёр Саламов Iумар. КIира даьлча Европан чемпионатехь дакъалаца дезаш ву иза а. Ша вехачу Киевехь къовсаршна лерина хIоттийначу пресс-конференце украинахойн къоман «вышиванка» олучу духарахь вахана иза. Шех бIаьргбуьзинчу украинахошка, ша Киевехь веха кхо шо ду, шена дукха беза ша веха мохк, элира Саламов Iумарс.