Венехь йийцарейо ТехIеранан зарратан программа

ГIажарийчоьне зарратан герз кхоллар дитийта барт бечу Австрин шахьара Вене шен кхачар ханна тIехьатеттина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона. Кху беттан 24-чохь тIечIагIбан беза и барт буьззина карийна бац цкъачунна. Цо дерзо деза ГIажарийчоьнна Европа а, Iамерка а 12 шарахь дуьхьаллаттар, ТехIеранна йохк-эшар лело некъ а луш.

Керри Джонан пресс-секретаро хаамбина, пачхьалкхан секретар хIара кIира доьрззуш хир ву Венехь, аьлла.