Косовон Iедале керла нах бахка тарло

Косовохь пхеа баттал а сов лаьттина политикан кризис ерзош, цигарчу коьртача шина партийн лидерша дIахьедина, шайн бартхилла махкахь керла Iедал кхолла, аьлла. И хаам баржийна Косовон президента Яхьъя Атифетес еарийн буса, ша Демократин партин а, «Косовон Лига» партин а лидершца Тачи Хьашимца а, Мустафа Iисаца а дийцарш дерзийна ваьлча.

2008-чу шарахь дуьйна премьер-министр лаьтта Сербица тIом боьдуш баьчча лелла волу Тачи Хьашим. Мустафа Iисан партино дIахьедина еарийдийнахь, шен лидер хир ву хIинца Косовон премьер, аьлла.