Тоьлла нохчо Якам дIавоьллина Сухнехь

Your browser doesn’t support HTML5

Тоьллачех волу махкахо, инарла-лейтенант Арслан Ахьмад Iалауддин дIавоьллина кху деношкахь Урдунера нохчаша а, Iаьрбаша а. Сингаттамца тIеэцна Якаман (иштта йоккхура нохчаша цуьнан цIе) кхалхар массо а нохчийн даймахкахь Нохчийчохь а. Конституцино магош доццушехь, шозза «Урдунан Турпал» цIе елла къонах вара Якам. Иза дIавоьллина Сухнерчу нохчийн кешнашкахь.