Нохчийчохь ун кхетта берашна юха а

Кхачанах ун а даьлла, Устрада-ГIаларчу дарбан цIийне кхачийна Шелан кIоштарчу цхьана берийн бешара 7 бер пIераскандийнахь, хаам бо Нохчийчоьнан прокуратурано. Бехк талла лерина ю иза, цо бахарехь. Кхушара дуьххьара бац кхочуш Нохчийчохь и ирча хилам.