Езидаша гIодоьху Штаташка

«Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобанаша шайна ен гIело юхатухуш дакъалацар дехна Iамеркан Штаташка Иракъан парламентерчу депутаташа-езидаша. Маршо Радиоца шинарийдийнахь къамел деш езид йолчу ДахIил Вианас элира, Iамерко гIодан деза суннатойн тIемалоша езидех лачкъийна 5000 зуда а, зудабер а мукъадоккхуш. Иштта, цо дийхира Штаташка, езидийн кара герз далар а. И къамел цо дира Вашингтонехь Сенатехь йистхуьлуш.