ХIиндошна оьрсаша зарратан станцеш йохку, вукхара дуьхьал даьтта ло

Малхбузенца эгIаш схьайоьгIучу Оьрсийчоьно ХIиндойчоьнан куьйгалхошца бартбина церан махкахь зарратан электростанци йилла, ткъа хIиндоша духкур ду Оьрсийчоьнна хьелийн даьтта. Нью-Делихь еарийдийнахь Путин Владимира а, хIиндойн премьер-министра Моди Нарендрас а хIоттийначу бертаца а догIуш, 10 реактор юьллур ю Росатомо ХIиндойчохь. Кхаарийдийнахь Росатоман куьйгалхочо Кириенко Сергейс хаам бира, шакъаьстина бина барт а бу шайн хIиндошна церан Кудакулам гIалахь ши энергоблок хIотто, аьлла.