Кхаа денна тезет кхайкхийна Пакистанехь

Пакистанан премьер-министро Шариф Наваз мараторий дIаяьккхина терроризмаца доьзначу гIуллакхашкахула вен кхел ярна тIера. Пешеварехь Кхаарин дийнахь парламентан ерриг а фракцешна хьалха вистхуьлуш цо дIахьедар дира, шаьш кхин дIа а къийсам дIахьур бу терроризмаца аьлла.

Шинарин дийнахь зуламхоша тIелатар дар бахьана долуш Пешеварехь вийна 132 дешархо а, 9 хьехархо а. Иза шаьш дина аьлла жоьпалла шайна тIелаьцна меттигерчу тIалибаша. Пакистанехь кхо де тезетан кхайкхийна белларш дагалоцуш.