ХIора шарахь хуьлу шуьйра зорбанан конференци дIаяьхьна Путина

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира бехке йина Малхбузера пачхьалкхаш виртуалан кепара керла Берлинан пен боттарна. ХIора шарахь ша дIахьош йолчу пресс-конференцехь Путина элира финасашца йоьзна проблема эккхар бахьанаш ду арахьара, шайна юкъахь мехкадаьтта дайдалар а долуш.
Ши шо далале Оьрсийчоьнан экономика меттахIуттур ю бохуш вара иза. Пачхьалкхан телевизионаша гайтинчу пресс-конференцехь 3 сохьтехь 20 минотехь Путина дина къамел коьртачу декъана Iалашо йолуш дара Украинехь тIом хиларна Киев бехке ю, ткъа Iамерка коьрта агерссор ю Москохан а, Малхбузенан а дуьхь-духьал латтарехь ала.