Москох велла еххачу хенахь цомгуш меттахь Iуьллуш хилла Оьрсийчоьнан тIеман министр хилла волу армин инарла Родионов Игорь. Цунах лаьцна хаам бина зорбанан гIирсашка ПIераскана дийнахь лаккхарчу тIеман хьаькамийн клубан аппаратан куьйгалхочо Дерябин Николайс.
Родионов тIеман министр волуш дIаберзийра Нохчийчура хьалхара тIом, тIеийцира Хасавюртара олу барт. Инарла дIавуллур волуш ву Москохна уллехь йолчу Мытищи гIалахь, тIеман мемориалан кешнашкахь.