Украино хийцина шен эскархой сепаратистех

Донбассехь сепаратистийн йийсарехь а Iийна, кеманца цIабогIучу салташца Киевехь цхьаьна а кхетта, уьш марабуьхкуш, тIеийцира Украинан президента Порошенко Петрос. Шоьтан Iуьйранна. 145 эскархо ву сепаратисташа дIахецнарг. Ткъа Украинан Iедало дIавелла сепаратисташка церан 222 герзахо.

Иштта ду Минскехь деношкахь хиллачу бертан жамI. Амма машаран дийцарш хедда лаьтта цкъачунна. Уьш меттахIиттаре сатуьйсу тIаме евлла агIонаш цхьана ойлане кхачаре сатуьйсуш, маслаIат дан гIертачу Европерчу политикаша.