Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Ына дIахьедар дина, ша кийча ву лаккхарчу тIегIантехь Къилба Корейца дийцарш дIадахьа аьлла. Ша лууш ву боху цо, шина пачхьалкхан гIоьртина йолу юкъаметтигаш мелла а малъян. И шен дIахьедар дина Ким Чен Ына Керла шо тIекхачар хьокъехь телевизионехула вистхуьлуш.
Къилбаседа Корйн а, Къилба Корейн а куьйгалхойн таьххьара цхьаьнакхетар хилира Пхеньянехь 2007-чу шарахь. Лаккхара тIегIантехь дийцарш дIадахьа оьшуш йолу атмосфера хила еза аьлла хета Ким Чен Ынна. Амма, цо дийцарехь, цхьа а бахьана дац вовшашца юкъаметтигаш цалелон.
Къилбаседа Корейн лидеро дина дIахьедар жоп ду Къилба Корейно 2015-чу шеран Дечкен-баттахь «Къилба-Къилбаседа» олу саммит дIаяхьа езара аьлла кховдийначунна некъана. ТIаьхьарчу хенахь Къилбаседа Корей онда Iаткъам ловш ю Малхбузенера, цу махкахь адамийн бакъонаш йохош хиларна.