Украинера конфликт йийцаре йина Берлинехь

Берлинехь цхьанакхетта Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Германин а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министрш. Цара дийцаре динарг дара Украинера конфликт дIаерзорца доьзна хаттар.

Кху тIаьхьарчу деношкахь масийтта цхьаьнакхетар а, телефонехула къамелаш а динера цу пачхьалкхийн векалша и цхьанакхетар кечдеш.

Масала, Германин канцлеро Меркел Ангелас телефоннехула Путин Владимирца шен хиллачу къамелехь элира Москохо шега далург дан деза Украинин малхбалера сепаратисташка маслаIат дайта аьлла.