14 стаг лазийна Харковрчу эккхийтарехь

Вейтта стаге хьалакхаьчна Харьковерчу Москох къоштан кхелана хьалха динчу эккхийтаро лазийначу нехан терахь. И хаамбо Украинан меттигерчу полицин пресс-гIоьнчалло. Цо бахарехь, 6 стаг чIоггIа лазийна. Кхерамзаллин урхалло а, полицино а, прокуратурано а тергаман го кхоьллина оцу хьолаца доьзна. Эккхийтар дина герзаш лелорна кхелан цIа чохь бехкевечу меттигерчу жигархочунна Соколов Михаилна таIзар кхайкхошшехь. Тергамхошна хетарехь, зуламдинарш Соколовца зIенехь хилла хила тарло.