Экономикан прогноз лахъелла дуьненахь

Дуьненаюкъарчу валютан фондо лахара хир ду боху кхушара дуьненан экономиканна кхочучу аьттонийн терахьаш. Шинарийдийнахь йовзийтинчу артикло хаамбо, юхьанца хила тарлуш хетта 3, 5 процент экономика кхиаран прогноз охьаяьлла ах-проценте ца кхоччуш.

Сатийсам охьабаьлла кхо бутт хьалха экономикехь хIиттийначу Iалашонийн барамийн Китайхь, Оьрсийчохь, Европан зонехь лахбаларца дозуш. И дерриг а 2008-чу шарахь иккхинчу финансийн кризисан тIахьало ю аьлла хета Дуьненаюкъарчу валютан фондан коьртачу экономистна Бланшер Оливьена.

Еккъа цхьа Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ бен яц кхушара экономика лакхаер ю аьлла къастийна. Ах процентна лакхара (3, 6) бу цуьнан экономика кхиаран сатийсам.