ХIинжа-ГIалахь - ерриг Дагестанан мовлад

Дагестанехь мехкан мовлад хилла пIераскандийнахь, цига веъначу 20 эзар вахархочо Еврооперчу цхьадолчу журналаша а, газеташа а Пайхамарна карикатураш яхкар емал а деш. ХIинжа-ГIаларчу Джума-маьждигахь дIабаьхьна и барам. Соьлж-ГIалахь Iедалан жигараллица хIоттийна хиллачу гуламах масал оьцуш ешна мовлад, аьлла ду декъашхоша даржадийриг.