Киеве ваха дагахь ву Керри Джон

Iамеркин пачхьалкхан секретарь Керри Джон дагахь ву Чиллан-беттан 5-чу дийнахь Киеве ваха. Цигахь иза цхьаьнакхетар ву Украинин президентаца Порошенко Петроца а, премьер-министрца Яценюк Арсенийца а, арахьрчу гIуллакхийн министрца Климкин Павелца а, ткъа иштта парламентан декъашхошца а.

Iамеркин пачхьалкхан департаментан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Керрин визито гайта дезаш ду Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ а хьалха санна гIортор ян дагахь хилар Украинина а, цуьнан халкъана а. Киевехь визит дIайирзича Керри дагахь ву Мюнхене ваха. Цигахь цо дакъалоцур ду кхаа дийнахь хир йолчу 51-чу кхерамазаллехула йолчу конференцехь.