Шемарчу тIаме баханарш емалбо Нохчийчоьнан Iедало

Шемахь тIемаш бечу веа махкахочун цIеяьккхина Нохчийчуьрчу низамхоша. ТIехьа-Мартанара а, Соьлж-ГIалина гонахарчу ярташкара а бу буьйцурш. Балиев Хьусайн, Магомадов Лом-Iела, Эльмурзаев Сурхо стохка аьхка вахана, ткъа воьалгIа нохчо, Муртазалиев Мовсар, лурчаха вахана боху Шема тIаме. И тайпа терахьаш кхуьуш ду, леткъамаш бо Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисо.