Дебальцево ю къуьйсуш

Цкъачунна шайн деза герзаш тIеман дозанера юха ца даьхна я Украинан Iедало а, я цигарчу сепаратисташа а. Танканаш, яккхий тоьпаш, ракеташ юхаоза декхаре яра агIонаш Донбассехь тIом сацорах дахначу шоьтадийнахь Минскехь бинчу бертаца а догIуш. ТIемаш бу боьлхуш Дебальцево гIалина гонах, къаьсттина – цигарчу цIерпоштан станцехь. Дуьхь-дуьхьал юхабовлар а кхийдош, лиэта вовшех Украинан эскарш а, оьрсашкахьа болу ницкъаш а.