Нурадилов Хампаша ца везарна - 3 шо

Кхо шо набахтин халачу хьелашкахь яккха хан тоьхна Хасу-Юьртан кхело Советийн Цхьаьнакхетараллин Турпалан Нурадилов Хампашин хIолламна цIетасарна оцу гIаларчу вахархочунна. Биъ бут хьалха дина цо и зулам. Цул совнаха, цIийнах хьажначу Iедална карийна цуьнан хIусамехь граната а. И хаам баржийна Дагестанан прокуратурано.