ТехIеранан зарратах Керри Джонан дIахьедар

Женевехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин кхеташоне веъначу Вашингтонан векала, Пачхьалкхан секретара Керри Джона дIахьедина, ГIажарийчоьнца зарратах пайдаэцарх лаьцна дIахьочу дийцаршкахь мелла а прогресс ю, амма кхин а бан безаш иза бехха некъ бу аьлла.

ТехIеранан арахьарчу гIуллакхийн министрца Зариф Джавадца бертан къамел доладала сахьташ дуьсуш дира цо и дIахьедар.